Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма аса Хьуна исбаьхьа цІа дІахІоттийна, Хьо цу чохь абаденналц вахийта». Везачу Эло элира: «Суна схьахезира хьан доІа а, хьан Соьга долу дехар а. Ахь хІоттийна долу Сан цІа Ас къобалдира, даим а цигахь Сайн цІе язъяйтархьама. Ас иза Іалашдийр ду, даим дагахь а латтор ду. Веза Эла сийлахь ву, хастам бан Иза чІогІа хьакъ долуш а ву, вайн Делан йолчу гІалахь, Цуьнан безачу лома тІехь. Цийон-лам шен локхаллица хаза бу, дуьненан хазахетар а иза бу. Цуьнан къилбаседехьа агІор сийлахьчу Паччахьан гІала ю. ХІунда хьоьжу шу хьегарца, ва лекха лаьмнаш, Дала Шен бу аьлла къастийначу ломе? Вехар ву Веза Эла цу лам тІехь даим. ЯхІудан тайпа къобалдира Цо, Шена безабелла болу Цийон-лам а хаьржира. Веза Эла, Хьо Іаш волчу метте дІахІоттахьа, Хьо а, Хьан олаллин тІорказ а. Кхин эр дац хьох «Йитинарг», я хьан лаьттах кхин эр дац «ДІатесна дерг». Хьан цІе хир ю «Дала цунах зовкх хьоьгу», ткъа хьан лаьттах «Долахь дерг» эр ду, Везачу Эло хьох зовкх хьоьгур долу дела, хьан лаьттан Цо дола дийр долу дела. Делан цІийнах дуй буучо Делан цІийнах а, цу чохь Іаш Волчух а боу дуй.
Выбор основного перевода