Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Декъала ву Везачу Элах тешна Іаш волу а, цІушка дехарш деш воцу а, харцделанашна Іамал ечарах дІакхетта а воцу стаг. Халкъ! Муьлххачу хенахь а Цунах тешна хила. Шайн дегнаш Цунна хьалха делхаде. Дела ву вайна дІалачкъа меттиг. Ва массо а ницкъийн Веза Эла! Декъала ву Хьох тешна Іаш верг! ГІо дехьа тхуна мостагІех тхаьш лардайта, хІунда аьлча пайден дац адамашкара хуьлуш долу гІо. лаьмнаш тІехь а, аренашкахь а! Шун хьал а, массо а хазнаш а Аса цхьа а мах боцуш мостагІашна дІалур ду. Иза массо а меттехь аша летийна къинош бахьана долуш хир ду. Иштта боху Везачу Эло: «НеІалт хир ду, кхечу стагах а тешаш, цунах шена гІортор а йина, шен дог Везачу Элана уллора дІадаьккхина лелаш волчунна. Декъала хир ву Везачу Элах тешаш верг а, шен тІетовжа меттиг – Веза Эла ерг а.
Выбор основного перевода