Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. ХІунда аьлча Веза Эла дика ву, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу, ткъа Цуьнан тешаме хилар лаьтташ ду массо а тІейогІучу тІаьхьенашна. Хастам бу Везачу Элана! Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна. Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. синкъераман а, хазахетаран а аьзнаш, зуда ялош волчун а, маре йоьдучун а аьзнаш. Иштта хезаш хир ду баркаллин сагІанаш Сан деза цІа долчу дахьачеран аьзнаш а. Цара эр ду: „Баркалла ала массо а ницкъийн Везачу Элана, Иза дика хиларна. Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу“. Иза иштта хир ду, хІунда аьлча Ас хІокху мехкан аьтто, хьалха санна, юхаметтахІоттор бу», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода