Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу лаьмнашна тІехь бехаш болу эмархой дуьхьалбевлира шуна. Цара шу, накхармозаша дийриг а дина, лаьхкира. Цара шу эшадора СеІир-лаьмнашкара ур-атталла Хьормина тІе кхаччалц йолу меттигашкахь. Ешна кІел йогучу коьллех цІе латале, ховха я екъа уьш елахь, йилбазмохо дІасаяржийна коьллаш санна уьш хуьлийла. ТІемалочун ирачу пхарца а, жІоламах богуш болчу кІегаца а Цо таІзар дийр ду шуна. Цу дийнахь Везачу Эло шок тухур ю, Мисар-махкахь уггар генахь йолчу хин Іоврашкара мозий а, Ашур-махкахь долу накхармозий а схьакхайкхархьама.
Выбор основного перевода