Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира Аса. Сайн Деле гІо доьхуш кхайкхира со. Шен цІа чохь Цунна сан аз дІахезира. Сан орца Цуьнан лере дІакхечира. Кхераме йоцучу метте Цо араваьккхира со, Ша суна реза хиларна, кІелхьарваьккхира со. Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира аса, ткъа Цунна со дІа а хезира. Веза Эла! Халачу муьрехь Хьан халкъо Хьо лоьхура, Хьан таІзар ша ловш тийна доІанаш дора цо.
Выбор основного перевода