Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цунна хьалха а, тІехьа а адамийн тобанаш яра. Цара, мохь а бетташ, бохура: «Хастам бу Даудан КІантана! Декъал хуьлда Везачу Элан цІарах вогІуш Верг! ХІашанна! Хастам бу стигалшкарчу Веза Воккхачу Далла!» Ас боху шуьга, шуна Со гур вац, цхьа хан а еана, аш аллалц: „Декъала ву Везачу Элан цІарах вогІуш верг!“» Хьалха бевлла а, тІаьхьа хІиттина а богІучара чІогІа маьхьарий деттара: «„ХІашанна!“ „Декъала ву Везачу Элана цІарах вогІуш Верг!“ ХІинца билггала шун ЦІа Дала дІатесна ду. Ас боху шуьга, шуна Со гур вац, цхьа хан а еана, аш аллалц: „Декъала ву Везачу Элан цІарах вогІуш верг!“» «Декъала ву Везачу Элан цІарах вогІуш волу Паччахь! Стигалахь барт бу, лакхахь хастам бу!» – бохуш. Уьш, хурманийн диттийн гаьннаш карахь а долуш, Іийсана дуьхьалбаьхкира. Цара аз айдина маьхьарий деттара: «ХІашанна! Декъала ву Везачу Элан цІарах вогІуш волу Исраилан Паччахь!»
Выбор основного перевода