Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча эхартехь Хьо цхьанна а дагавогІур вац, веллачо Хьуна хастамаш а бийр бац. Ткъа сох лаьцна аьлча, суна-м дика ду Далла гергахь хилар. Со ларваран меттиг йира ас Хьалдолчу Элах. Хьан дерриг а гІуллакхаш ас дІакхайкхор ду. Цара Везачу Элана баркаллин сагІанаш а дохийла, ирсечу эшаршца Цуьнан гІуллакхех лаьцна дІа а дуьйцийла. Шен сино бала хьегначул тІаьхьа, Цунна юха а дахаран серло а гур ю, Шена тосаделлачуьнгахула Ша тІекхаьчначунна Иза реза а хир ву. Нийсаверг волчу Сан Ялхочо дуккха а нах Суна хьалха бакъбийр бу, церан къинош Шена тІехь дІа а хьур ду. Веза Эла, Хьо вац ткъа ширачу заманашкара дуьйна волу сан Дела, сан Везаниг? Тхо лийр дац! Веза Эла, хашадхой Ахь къобалбина бу, цаьрга кхел яйтархьама. Сан тарх! Уьш Ахь билгалбаьхна бу таІзар дайтархьама. Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра цкъа денвелла хилча, иза кхин цкъа а лийр вац, хІунда аьлча Іожалло Цунна тІехь кхин олалла дойла дац.
Выбор основного перевода