Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элах кхерар цІена ду, иза абаделлалц ду. Везачу Элан кхелаш билггал бакъ а ю, уьш нийса а ю. Хьан лаам кхочушбан лууш ву со, сан Дела! Хьан товрат-хьехамаш сан даг чохь лаьтта». Аса чІагІо йо шуна: стигаллий, латтий дозуш а долуш, товрат-хьехамашна юккъера цхьа элп я цхьа сиз а дІадоккхур дац, цу тІехь аьлларг кхочушхиллалц. Цара Далла гІуллакх деш хиллачу Муса-пайхамаран а, Іахаран а илли олура: «Даккхий а, инзаре а ду Хьан гІуллакхаш, массо а ницкъийн Веза Дела! Нийса а, билггал бакъ а ду Хьан некъаш, дуьненан къаьмнийн Паччахь!
Выбор основного перевода