Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла, сайн дерриг а даггара ас Хьуна хастамаш бийр бу, Хьан массо а тамашийна гІуллакхаш аса дІакхайкхор ду. Дуьнен чуьра дІабовлийла массо а къинош летийнарш, Іеса адамаш а ма хуьлийла кхин. Хастам бе, сан са, Везачу Элана! Везачу Элана бу хастам! Даудан назма. Веза Эла! Доллучу даггара хастам бо ас Хьуна! Стигалийн гуламна хьалха хастаме назманаш олу ас Хьуна! Хастам бу Везачу Элана! Лакха Везачу Элана керла эшар, хастам бу Цунна тешаме болчеран гуламехь. Вешан гуламаш дІатосуш ма хуьлийла вай, цхьаболчара иза ма-дарра. Цул а вовшашна гІо дойла вай, Везачу Элан де гергакхочуш хилар шайна мел ги, алсам а деш.
Выбор основного перевода