Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш лар а бе, кхочуш а бе, хІунда аьлча цунах кхечу халкъашна гур ду, шун хьекъалалла а, кхетамалла а дуйла. И массо а парзаш шайна дІахезча, цара эр ду: „ЭхІ, хІара сийлахь къам ма хьекъале а, кхетаме а халкъ ду!“ ТІаккха аьлла Цо адаме: «Хьалдолчу Эле ларамах вуьзна хилар – иза хьекъалалла ду, ткъа зуламна генавалар – иза кхетамалла ду». Везачу Элах кхерар цІена ду, иза абаделлалц ду. Везачу Элан кхелаш билггал бакъ а ю, уьш нийса а ю. Везачу Элана бу хастам! qac Аqac*лсам декъала ву Везачу Элана хьалха ларамах вуьзна верг, баккъалла а Цуьнан парзаш кхочушдарх дезар оьцуш верг. qac Бqac*илггал, хІора дийнахь Хьо декъал а веш, Хьан цІе хестор ю ас ерриге а тІейогІучу хенахь. Кхетаме кхачархьама, адам уггар хьалха Везачу Эле ларамах дуьзна хила деза. Амма сонтачу адамаша дІатотту хьекъалалла а, шаьш нисдар а. ТІаккха Дела а, нах а реза хир бу хьуна, цара хьо къобал а вийр ву. Везачу Эле ларамах вуьзна хилар – иза хьекъалаллин юьхь ю, ткъа Веза Дела вовзар – иза кхетам бу.
Выбор основного перевода