Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо дуьненна нийсонца кхел йо, халкъашна тІехь а Цо бакъонца иза йо. Веза Дела, лаьттан йистошка кхаччалц йоккхуш йолу Хьан цІе санна бу Хьуна бо хастамаш. Хьан аьтту куьг ду нийсонах дуьзна. Амма Хьо цкъа а хийцалур вац, Хьан дахар чекх а дер дац. qac Дqac*у цуьнан хІусамехь хьал, иштта шорто а хир ю, ерриг а ханна цуьнан нийсо дагалоцуш а хир ю. qac Тqac*оам боллуш дІало цо мискачу нахана, ур-атталла абаденналц а лаьтта цуьнан нийсо. ХІуттур бу цуьнан ницкъ сийлаллица. qac Дqac*уьйцур ду аса Хьан доккхачу сийлаллин барамах. Хьан инзаречу гІуллакхех лаьцна ойла йийр ю ас. Кхузткъе уьттазза ворхІ-ворхІ хан-зама билгалъяьккхина хьан халкъана а, хьан езачу гІалина а зуламаш чекхдаха а, харцонийн чаккхенна тІе мухІар тоха а, къинош дІадаха а, даим нийсо латтийта а, хІуьтту суьрташ а, пайхамарша дийцинарш а чІагІдайта а, уггар Дезаниг къобалдайта а.
Выбор основного перевода