Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Мqac*а кхоьруш лела деза шу Везачу Элах, Цуьнан долахь долу адамаш, хІунда аьлча Цунах кхоьруш вехачун массо а хІуманан тоам хир бу. qac Нqac*аггахь ур-атталла лоьман кІорнеш а, яа хІума йоцуш, мацаллехь хуьлу, ткъа Веза Эла лоьхург, Цуьнан диканах тоам боцуш вуьсур вац. Цо даим дагахь латтор бу Шен барт, эзаран барамехь йолчу тІаьхьенашна Ша делла дош, Хьовсал стигаларчу олхазаршка! Цара хІумма дІа а ца йоь, хьакха а ца хьокху, ялташ чу а ца дерзадо. Амма стигалахь волчу шун Дас уьш кхобу. Шун дахар олхазарийнчул а дораха ду теша? Цундела кест-кестта: „Оха хІун юур ю теша?“, я: „ХІун мер ю теша?“, я: „ХІун тІеюхур ю теша?“ – бохуш, шайн са ма гатде. Цу тайпана сагатдо кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун стигалахь шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш. Уггар хьалха Делан Олалла а, Цуьнан лаам а лаха. Важа дерриг а Дала шуна лур ду. Цо вайн дайх къинхетам а бина, Шен беза барт дагахь латта а бина –
Выбор основного перевода