Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела таханлера де гуттар а дагахь латтаде, цу дийнахь аша дагадоуьйтур ду Ас шайна динарг. И де даздарца шун тІаьхьенаша гуттар а йолчу хенахь Веза Эла лорур ву». Тхайн берех иза къайла а доккхур дац. Хинйолчу тІаьхьене оха дІадуьйцур ду Везачу Элан сийлахь гІуллакхех лаьцна, Цуьнан ницкъах а, Цо динчу тамашийначу хІуманех а лаьцна. Хьо дика а ву, гечдан кийча а ву, Хьалдолу Эла, Хьайга кхойкхучаьрца массаьрца а бу Хьан хедар боцу безам. Амма, Хьалдолу Эла, Хьо дика а, къинхетаме а, атта оьгІаз ца воьдуш а, тешаме а, боккха безам болуш а ву. Къинхетаме а, дика а ву Веза Эла. Иза оьгІаз а атта ца воьду, ткъа Цуьнан безам а боккха бу. Цо, бепиг схьа а эцна, доІанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, мурдашка дІаделира: «Сан дегІ ду хІара, шун дуьхьа дІалун долу. Со дагалацархьама, иштта делаш». Шаьш пхьор диина девлча, Іийсас, чагІаран кад схьа а эцна, элира: «Шун дуьхьа Іанор долчу Сан цІийца бинчу керлачу бертан кад бу хІара.
Выбор основного перевода