Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло соьга иштта элира: „ХІан, Ас Сихьон-паччахь а, цуьнан латта а шун кара далар дІадолийна. Хьо а дІаволало цуьнан латта хьайн карадерзо“. Хаалаш, шу Делан лаамехь хиларна кара ца доуьйту шуна шун Везачу Дала и беркате латта, хІунда аьлча шу юхахьара халкъ ду». ДоІанна тІехь ас Везачу Эле иштта элира: „Хьалдолу Эла, хІаллак ма дехьа Хьайн халкъ, Хьайн долахь дерг, Ахь Хьайн сийлаллица паргІат а даьккхина, Хьайн ондачу куьйгаца Мисар-махкара арадаьккхина долу.
Выбор основного перевода