Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хаставейша Иза Цуьнан дерриге а маликаша, хаставейша Иза Цуьнан дерриге а эскаро. И летта йогу цІе Цуьнан хьалхāхула, доьду хи санна, арайолура. Багар а балур боцуш, эзарнашкахь дукха бара Цунна хьалхара гІуллакхаш дийраш. Эзарзза эзарнаш долу адамаш дара Цунна хьалха лаьтташ. ТІаккха кхел йийраш шайн болх боло охьахевшира, тептарш дІаделладелира. Хьан Олалла тІекхочийла. Стигалшкахь санна, лаьттахь а Хьан лаам кхочушхуьлийла. ЦІеххьана маликана улло стигалара вуно доккха маликийн эскар доьссира. Цара, Далла хастамаш а беш, бохура: Далла гІуллакх деш долу синош дац ткъа маликаш, кІелхьардовлар кхочун долчарна гІуллакх дан дахкийтина дац ткъа уьш?
Выбор основного перевода