Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Уьш Сан хир бу, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ас бекхам бечу дийнахь царах Сан долахь долу жовхІар хир ду. Ас царах къинхетам бийр бу, дас шена гІуллакх деш волчу кІантах къинхетам баре терра. Шаьш мел къиза делахь а, шайн берашна оьшург аша луш хилча, стигалахь волчу шун Дас мел дукха дика болх бийр бу Шега доьхуш волчунна! Кхин а дийцира Цо: «Цхьана стеган ши кІант хилла. Жимах волчу кІанта шен дега аьлла: „Дада! Хьайн бахамах суна догІу дакъа схьалохьа“. Дас шина кІантана бекъна бахам. Дукха хан ялале, жимах волу кІант, шен дерг вовшах а тоьхна, генарчу махка вахана. Цигахь, сакъоьруш, шен хьал эрна дайина цо. Ткъа шадерриг и дайина ваьлча, цу махкахь чІогІа мацалла хІоьттина. Иза таро йоцуш висна. ТІаккха, вахана, цу махкарчу цхьана стагана чухІоьттина иза. Вукхо хІара хьакхарчий яжо вахийтина шен аренашка. Мацалло бІарзвина, хьакхарчаша бууш болу акха стоьмаш биина а, шен гай дузо лууш хилла хІара, амма цхьаммо а кхунна уьш луш ца хилла. Метта а веана, цо аьлла: „Мел дукха ялхой бу сан ден цІахь, церан массеран а шортта яа хІума ю, ткъа со кхузахь мацалла леш ву! ДІавахана, сайн да волчу юха а вирзина, ас эр ду цуьнга: Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас! ХІинца со хьакъ вац хьан кІант ву со ала, хьайн белхало вай, дІаэцахьа со“. Хьала а гІаьттина, шен да волчу вахара иза. КІант геннахь схьавогІуш дена гира. Цунах къахетта, ведда тІе а вахана, иза маравоьллина, цунна барт баьккхира дас. Ткъа кІанта элира цуьнга: „Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас. ХІинца со хьакъ вац хьан кІант ву со ала“. Амма дас шен ялхошка элира: „Тоьлла йолу бедар схьа а яй, тІеюха цунна, пІелгах мухІар а долла, кога мачаш а юха. Юстийна йолу старгІа схьа а ялаяй, урс хьакха: той хІоттор ду вай. ХІунда аьлча хІара сан кІант веллачуьра денвелла, вайначуьра карийна“. Уьш сакъера буьйлабелира.
Выбор основного перевода