Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
хІунда аьлча кІеззигчу ханна ду Цуьнан оьгІазвахар, дерриг а дахарна ду Цуьнан дика. Суьйранна белхар дІахІоттахь а, Іуьйранна самукъадалар хуьлу. Со даим а хир вац шу бехке деш а, шуна оьгІазъоьхуш а. Со иштта хилча, муьлхха а са Суна хьалха гІеллур дара, Іаь а тухуш, Ас мел кхоьллинарг лаьттар дацара. Массо а хенахь хир ву те Хьо суна реза воцуш? И оьгІазло Хьайна чохь латтор ю те Ахьа?“ Иштта боху ахьа, амма хьайга далуш долччул зуламаш деш ма ду хьо, Исраилан халкъ!» ДІа а гІой, къилбаседехьа хІара Сан дешнаш дІакхайкхаде, Ярми-ЯхІу: „Юхадерза, тешаме доцу ЯхІудан халкъ! – боху Везачу Эло. – Хьуна дарлур вац Со къинхетаме волу дела, – боху Везачу Эло. – Со массо а хенахь шуна оьгІазвахана а хир вац. Муьлха Дела ву Хьо санна къиношна гечдеш а, Хьан долчу халкъах бисинчеран зуламашна къинтІера волуш а? Хьо даим вац оьгІазвахана вуьсуш, амма Хьуна къинхетам бан хазахета.
Выбор основного перевода