Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Везачу Эло массо а хенахь олалла дийр ду. Цо Шен Іарш кхел ярна кечйина ю. Веза Эла Шен дезачу цІа чохь ву, Цуьнан Іарш стигалшкахь ю. Цуьнан бІаьргаш массо а стаге хьоьжу, дІабиллинчу бІаьргашца Цо адамаш толлу. Веза Воккха Эла кхераме ву. Иза дерриг а дуьненан сийлахь Паччахь ву. Хьан Іарш ширачу заманал хьалха а йолуш ю. Хьо азалера дуьйна а волуш ву. «И денош дІадевлча, аса, Набухди-Нецара, бІаьргаш стигала хьалахьажийра. Кхетам меттахІоьттира сан. Веза Воккхачу Далла хастам а бира ас, даим вехаш волу Дела ваз а вира ас. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан паччахьалла тІаьхьенашкара тІаьхьенашка ду.
Выбор основного перевода