Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
„Веза Эла атта оьгІаз ца воьдуш а, боккха безам болуш а ву, нехан къиношна а, аьрхаллина а геч а до Цо. Амма Цо бехк таІзар ца деш а ца буьту. Церан дайша далийтина вон бахьана долуш берашна – кхоалгІачу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц – таІзар до Везачу Эло“. Хьуна къера хила царна ца лиира. Ахьа шайн дуьхьа мел дина тамашийна гІуллакхаш царна дицделлера. Шайн куралла бахьана долуш, хьаькам хаьржира цара, шайн лоллехь хиллачу метте уьш юхаберзорхьама. Амма нахана гечдо Дела ма ву Хьо! Хьо дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву, Хьо атта оьгІаз ца воьдуш а, ткъа боккха безам болуш а ву. Ахь уьш дІа ца тесна, Амма, Хьалдолу Эла, Хьо дика а, къинхетаме а, атта оьгІаз ца воьдуш а, тешаме а, боккха безам болуш а ву. qac Иqac*штта дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву Веза Эла, атта оьгІаз а ца воьдуш, боккха безам а болуш.
Выбор основного перевода