Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира: «Нагахь аша Везачу Эле, шайн Деле, ладогІахь, Цуьнан лаам аша кхочушбахь, Цо тІедехкина парзаш аш кхочушдахь, Мисар-махкана тІе яхкийтинчу цамгарех шуна тІе цхьа а йоуьйтур яц Ас, хІунда аьлча Со Веза Эла ву шун дарбанча». Шен тешам эзарнаш тІаьхьенашкахь латтош волу а, зуламна а, харцонна а, къинна а гечдеш волу а, амма бехк бекхам ца беш ца буьтуш волу а, дайша латийначу къинна берашна а, берийн берашна а кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенехь таІзар деш волу а». Массо а ша летийначу къинойх Исраилан халкъ Цо паргІатдоккхур ма ду. Цийонехь Іаш волчо цхьаммо а эр дац: «Со цомгуш ву». Цигахь бехаш болчеран массеран а къиношна гечдина хир ду. Со-со ву шун къинош дІадойуш Верг. Ас иза Сайн дуьхьа до. Шун къинош кхин дагадохкуьйтур дац Аса. Дарба дехьа суна, Веза Эла, тІаккха со толур вара. КІелхьарваккхахьа со, Веза Эла, со кІелхьарвер вара. Хьо ву аса хастамаш беш Верг. Церан Шех тешар гича, цомгушчуьнга Іийсас элира: «Сан кІант, хьан къиношна гечдина». Ас боху хьоьга: цо оццул боккха безам гайтина, шен къиношна гечдина дела. Ткъа кІезиг гечдинчо кІезиг безам гойту».
Выбор основного перевода