Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан парзаш а, Ас тІедиллинарг а ларде. Уьш кхочушдийриг цаьрца вехар ву. Со Веза Эла ву. Ткъа хьуна, сан кІант Сулим, вовзийла хьайн ден Дела. Хьайн доллучу синца а, доггах а Далла гІуллакх де, хІунда аьлча Везачу Элана хаьа хІораннан а даг чохь дерг а, цуьнан ойланаш а евза Цунна. Нагахь ахьа Веза Эла лахахь, Цо Ша каравойтур ву хьуна. Амма Шегахьара Хьо дІаверзахь, Везачу Эло гуттаренна а дІатосур ву хьо. Сан весеташ ларде, тІаккха хьо вехар ву. Сан хьехамаш, йоІбІаьрг санна беза а хеташ, Іалашбе. Даим цу халкъо юьхь-дуьххьал сийсазво Со, езачу бошмашкахь сагІанаш а дохуш, кибарчигех кечйиначу меттигашна тІехь хаза хьожа йогІу хІума а ягош,
Выбор основного перевода