Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Варелаш, шаьш Далла деш долу гІуллакх нахана гайта гІерташ ма лелалаш. Иза аша шайгара далийтахь, шун стигалахь волчу Дегара ял хир яц шуна. Шу, лаьхьанийн тІаьхье! Шун багара муха дер ду диканиг, шу шаьш зене нах хилча? Стеган даг чохь дерг матта тІехь ма хуьлу. Дикачу стага шен даг чуьра диканиг долуьйту, ткъа вочу стага шен кийрара вониг бен ца долуьйту. ХІунда аьлча кийрара адамийн дегнаш чуьра ца оьшу вон ойланаш а арайовлу, нахаца лелар а, къола дар а, вер а, Дикачу стеган даг чуьра диканиг долу, вочу стеган даг чуьра вониг долу. Стеган даг тІехь дерг цуьнан матта тІехь а ду». Тайп-тайпанчу а, хийрачу а хьехамашка ма марзло. Делан диканца шайн дегнаш чІагІдар гІоле ю, хІума яаран парзаш кхочушдарал. Уьш кхочушдечарна пайда ца хуьлу.
Выбор основного перевода