Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча иза шуна эрна дерг дац, иза – шун дахар ду. Шу цуьнгахула дуккха а дехар ду, шайна дола даккхархьама Йордан-хих шу дехьадовлучу оцу лаьтта тІехь». Везачу Эло белла хьехам билггала нийса бу, цо синан чІагІо йо. Везачу Эло дІадиллинарг а тешаме ма ду, Цо хьекъална кІоргге волчунна а хьекъалалла ло. Иштта лелар хьан дегІана дарбане хир ду, цо хьан даьІахкашка ницкъ юхабалор бу. Со мел карийначунна дахар карийна, Везачу Элера дика а хир ду цунна. Ойла а ца еш, къамел дечун дешнаша, туьро санна, чов йо, амма хьекъал долчун дешнаша дарба до.
Выбор основного перевода