Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дийнан делккъехь са а ца гуш, бІаьрзениг бодашкахь санна, лелар ду шу. Шаьш арабаьккхинчу новкъахь аьтто хир бац шун. Массо а хенахь ницкъ беш а, хьийзош а хир ду шу, цхьаммо а гІо а доккхур дац шуьгахьа. Везачу Эло шен нехан лар Іалашйо, хьарамалла лелорш хІаллакбо, уьш боданехь къайла а бохуш. Церан ницкъ хиларх пайда бац, и ницкъ цаьргара шайгара бен бацахь. Цундела нийса кхел яр ду вайна генахь, нийсо вайна тІе ца кхочу. Вай серлоне сатуьйсу, амма бода тІебогІу, сирлачу къагаре хьоьжу, амма Іаьржачу боданехь лела. БІаьрзенаш санна, пен а лоьцуш, бІаьргаш доцуш санна, мича доьлху а ца хууш лела вай. Дийнан делкъехь тийсало, маьркІажхан йолуш санна. Ондачарна юкъахь, делларш санна ду вай. Цундела церан некъ царна хир бу, боданехь нах шоьршуьйтуш болу. ДІа а теттина, цигахь уьш охьаэгар бу. Царна таІзар дечу деношкахь Аса царна бохамаш хуьлуьйтур бу, – боху Везачу Эло. – Амма буьйсанна лелаш верг галволу, хІунда аьлча цуьнца серло ца хуьлу». ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «ХІинца а кІеззигчу ханна серло ю шуьца. Серло йолччуьра, лела шу, шаьш бодане дІа ца хьулдайта. Ткъа боданехь лелачунна ша стенга воьду а ца хаьа. Ткъа шен динан вежарий безаш верг серлонгахь Іаш ву – стаг галволуьйтуш дерг а дац цуьнца.
Выбор основного перевода