Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
малх хьалаболучу Іуьйренан нур санна, марха йоцучу Іуьйренан нур санна, лаьттара сийна буц хьалайолуьйтуш йолу догІа сецча хуьлу серло санна ю“. Хьан дахар делкъенан малхал къегар дара, боданах Іуьйренан серло хир яра. Ахьа дагалаьцнарг дерриг а кхочушхир ду, хьан некъаш тІехь серло хир ю лепаш. Цуьнан лаамехь болчарна тІехь Делан нур лепа, догцІена болчарна тІе доккхадер дуссу. Хьан лаамехь волчун некъ нийса бу, Веза Эла, Ахьа нисдо цуьнан некъан тача. Стигалара серло санна, хьекъалнаш лепаш хир бу, ткъа дуккха а адамаш бакъболчу новкъа тІе дерзийнарш а хир бу, седарчий санна, лепаш гуттаренна а, массо хенахь а. Нахана шуьгара серло гойла, шун дика гІуллакхаш гайтархьама а, адамашка Далла хастам байтархьама а».
Выбор основного перевода