Куьйгалла ца тоьуш хиларна, халкъ хІаллакьхуьлу, амма хьехамчаш дукха хиларо халкъан аьтто боккху.
Дагавалар а доцуш дина гІуллакх кхочушхир дац, ткъа хьехамчаш алссам а болуш динарг хилла дІахІуттур ду.
Хьехаре ла а дугІуш, хІума кхочушдан кечло. ТІом болабале, нахах дагаволуш хила.
Я, масала, цхьа паччахь ву тІом бан кечлуш. Цкъа, охьа а хиъна, ойла йийр ю цо, шен итт эзар стаг волчу эскарца ткъа эзар стагаца тІевогІучунна дуьхьало ялур ю, я яц аьлла.