Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юх-юха а Дала баланех воккхур ву хьо, уьш хьох хьакха а лур бац. Сан мостагІий дІабоьрзучу хенахь, Хьуна хьалха охьа а оьгий, хІаллакьхуьлу. qac Чqac*ІогІа дукха баланаш хила тарло Делан лаамехь волчун а, амма массо а халонех Везачу Эло иза кІелхьарвоккхур ву. Иза, ког тасабелча а, вужур вац, хІунда аьлча Везачу Эло цуьнан куьг дІалоцу. Шен бахамах тешна верг вужур ву, амма диканиг, керла хьаладаьлла гІа санна, хьалавер ву. Іеса стаг цо дина вонаш бахьана долуш дІатоттур ву, ткъа дикачу стеган, шена Іожалла тІехІоьттича а, догдохийла ю. хІунда аьлча хьуна дагахь а доцучу хенахь цаьргара хьуна бохам бер бу. Хьуна хуур а дац цара хьайна хІун бала бахьа. Охьа а доьжна, кхин хьала ца айалуш Іуьллу йоІстаг санна долу Исраилан халкъ! Шен мехкан лаьтта тІехь даржийна долу иза, вац-кх хьалаайа цхьа а. Со бахьана долуш воккха ма ве, сан мостагІа! Со охьавоьжнехь а, хьалагІоттур ву. Со боданехь велахь а, Веза Эла суна серло ю.
Выбор основного перевода