Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мел Іуьллур ву хьо, малонча, вижина? Маца вер ву хьо наб йина? «Жимма вижина Іуьллур ву со, – боху малончо, – жимма садоІуш Іийр ву, жимма, куьйгаш тІекІел а дехкина, Іуьллур ву». Амма, къу санна, хьо волчу еана схьакхочур ю къелла. Хьан эшар, талорхо санна, деана тІекхочур ду хьуна. Наб езаш волчунна тІе къоьлла йогІур ю, амма стаг сема хилахь, кхачанах вуьзна лелар ву иза. Лаьттан дола деш волу стаг меца вуьсур вац, ткъа эрна ойланаш еш лелаш волчунна къоьлла евзар ю.
Выбор основного перевода