Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхел нийса е, къечуьнга озабезам а ма бе, хьалдолчух а ма кхера. Нийсонца кхел е хьайн уллорачунна. Кхел ечохь озабезамаш ма бе, лараме боцучара а, цІеяханчара а бохучун тергам бе. Муьлххачу а адамах ма озало, хІунда аьлча кхел – Делан гІуллакх ду. Кхел ян шайна хала хета гІуллакх суна тІе схьада, ас ладугІур ду цуьнга“. Везачу Эле болчу ларамах дуьзна хуьлийла шу. Шаьш дийриг хІун ду а хьожуш делаш, хІунда аьлча вайн Везачу Делаца яц харцо, я озабезам бар, я кхаьънаш эцар». ХІара дешнаш яздина ду, кицанаш а, хьекъале дийцарш а къастадайтархьама а, хьекъалчийн дешнех а, церан хІетал-металех а кхетийтархьама а. Кхел ечу хенахь дика дац Іесачу стагана озабезам гайтар, и хІума дарца хьаналчу стагана нийса кхел ца йойтуш.
Выбор основного перевода