Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Зулам охучара а, вониг тосучара а бохамийн ялта схьаэцар гина суна. Іесачу наха суьпачу нехан лаьтта тІехь куьйгалла дар даим дуьсур дац, суьпачу нахе шайн куьйгаш зулам дарна тІе ца кховдадайтархьама. Делан лаамехь лелаш верг, ворхІазза охьавоьжча а, хьалагІоттур ву, ткъа Іесанаш – бохамаша охьаэгор бу. Шайн дегнаш чу нийсонан хІу таса, тІаккха безаман ялта кхуьур ду шуна. Керла латтанаш а дІааха, хІунда аьлча Веза Эла лаха веза хан тІееана. Ша веанчу дийнахь шуна тІе нийсо, догІа санна, Цо тІеІанор ю. Аша харцдолчун хІу а тосура, зуламан ялта а хьокхура, мекарлонан стом а боура. Шаьш дІакхоьхьучу некъах шу тешарна а, шайн шортта болчу тІемалойх шу тешарна а,
Выбор основного перевода