Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІевеанчунна а, бона а нийса кхелъяр ма талхаделаш, ткъа йисинчу зудчун тІехулара бедар закъалтана схьа а ма эцалаш. Цуьнан бераш маршонехь хиларна генахь ду. Нагахь гІалин кевнна уллохь цаьрца стаг кхеле валахь, царна гІо дан цхьа а вац. Нагахь ас сайн ялхошца нийсо лелош ца хиллехь, церан сайца къовсам баьлча, Нагахь ас боберана дуьхьал буй айбинехь, гІалин кевнехь болчу кхелахошкара сайна гІо хир дуйла а хууш, Шена са яккхархьама къечу стагана гІело йийриг а, хьал долчу стагана совгІаташ дийриг а – и ший а къоьлле кхочур ву. Йисинчу зудчунна а, бо берана а, тІевеанчунна а, мискачунна а гІело ма елаш. Шайн даг чу вовшашна дуьхьал зулам дар дага ма тасийталаш“. «Со шуна гергакхочур ву кхел ян. Аса сихха тоьшалла дийр ду бозбунчашна а, кхечуьнца лелачарна а, харц дуйнаш кхуллучарна а, тІелаьцначу белхалочунна йогІу ял дІалуш боцучарна а, йисинчу зудчунна а, бо берана а гІело ечарна а, тІевеанарг дІатоьттуш болчарна а, Соьга ларамах буьзна боцучарна а дуьхьал», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
Выбор основного перевода