Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
хІунда аьлча цо нах бацийна, ца вешаш, ша дина доцу церан цІенош схьа а даьхна. Цуьнан сутаралла бух боцуш яра, цуьнан лаамийн доза а дацара. Цхьа а хІума цо дІакхаллаза дисна дац, цундела цуьнан беркат дукха лаьттар дац. Шен совбаьллачу бахамна юкъахь цунна готта хир ду, цуьнан синан бала массо а ницкъаца цунна тІе охьабужур бу. Шен тІингар цо эккха йоллуш юзош хилча, Делан оьгІазалла юссур ю цунна тІе, догІа санна, цунна тІе таІзарш а доуьйтур ду. Къечу стеган дог дохочо иза Кхоьллинарг ца лору, ткъа гІо оьшучунна гІо дийриг Цуьнан сийдеш ву. Иштта аша мисканиг охьа а теІош, цуьнгара ялтица совгІаташ а дохуш, шайна хьаькхначу тІулгех цІенош дийр ду, амма царна чохь дехар дац шу. Кемсийн бошмаш кхиор ю аша, амма царах даьлла чагІар мер дац,
Выбор основного перевода