Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Шайн Везачу Дала шун дола дІалуш долчу лаьтта тІехь а долу, шуна кхочуш долу дакъа дІакъастош а долу, шайн дайша дІахІоттийна а долу шира доза дІа ма хиладе. „НеІалт хуьлда шен уллорачун дозанаш талхош волчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ Адамаша доза къастош диллина тІулгаш дІасадоху, цара жаш лачкъа а до, уьш дажа а до. Ширачу заманахь баьккхина шу цкъа а меттах ма баккха, боберийн кха а схьа ма даккха, ЯхІудан баьччанаш тарбелла лаьттан асанийн дозанаш дІасатоьттучарах. Аса Сайн оьгІазло, тІехдаьлла хи санна, тІеІанор ю царна.
Выбор основного перевода