Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхетамо хьо нахаца лелачу зудчух ларвийр ву. Иза, оьздангалла йоцуш а лелаш, шен мерзачу дешнашца хьо леван гІерта. Нахаца лелаш йолчу зудчун багара долу дешнаш мазал мерза а хуьлу, цо бохуш дерг даьттанал кІеда а хуьлу, Нахаца лела зуда – бух боцу Іин санна хуьлу хьуна, ткъа шен йоцу зуда – готта гІу санна хуьлу хьуна. Со кхета, и «зуда», аьлча а сонталла, Іожаллал къаьхьа юйла. Цуьнан Іалашо стагана кІело яр а, иза дІалацар а ю. Далла везаш верг ишттачу зудчун карара дІавер ву, ткъа къинош летош верг ишттачу зудчун кара гІур ву.
Выбор основного перевода