Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьанна дуьхьалваьлла Исраилан паччахь? Хьанна тІаьхьаваьлла лелаш ву хьо? Деллачу жІаьлина тІаьхьаваьлла, цхьана сагална тІаьхьаваьлла? Везачу Эло боху: «ГІоттур ву Со мискачара хьоьгучу Іазапан дуьхьа а, къечара дечу узарийн дуьхьа а. Цара лоьху кІелхьардовлар лур ду Аса царна». Аса даггара эр ду: «Мила ву, Веза Эла, Хьох тера?» Хьо ма ву гІийланиг ницкъболчух ларвийриг, къениг а, мисканиг а талорхойх ларвийриг. хІунда аьлча церан нуьцкъала ГІодаккхархо ву, хьуна дуьхьал долу гІуллакх Цо къастор ду. Амма уьш ПаргІатбохург чІогІа ницкъ болуш ву, ткъа Цуьнан цІе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Церан гІуллакх Цо леррина къастор ду, дуьненна синтем а луш, ткъа Бавелан бахархошна гІайгІа а кхуллуш».
Выбор основного перевода