Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан хІусаман дена гора Веза Эла Юсупца хилар а, цо дечу гІуллакхаш тІехь гІо деш Иза хилар а. Дауд Шаул волчу дІакхаьчча, иза цунна гІуллакх дан волавелира. Дауд чІогІа везавелира Шаулна, цо цунах шен герзлелориг вира. Мел ирс долуш хила деза хьан адамаш. Ма ирс долуш хила беза хьан ялхой, хІора денна хьуна гІуллакх деш, хьан хьекъале къамел хезаш болу! ЯрбаІам онда стаг вара. Цо болх бечу хенахь Сулим-паччахьна гира цу къонахчунна шен болх дика бан хаар. ТІаккха Сулим-паччахьо Юсупан тайпанах болчеран махкахь болх беш болчу массарна а тІехь хьаькам хІоттийнера ЯрбаІам. РахьбуІам-паччахь къанойх дагавелира. Оцу къаноша цуьнан дена Сулимна хьехамчаша санна гІуллакх дора иза дийна волчу хенахь. РахьбуІама хаьттира цаьрга: «Аса оцу халкъе хІун аьлча бакъахь хета шуна?» – аьлла. Амма шега къаноша бина хьехам РахьбуІама дІатеттира. Шеца кхиъна болчу а, шена гІуллакх деш болчу а кегийрхойх дагавелира иза. Мало а ца еш, дукха болх белаш. Даим доьналла а долуш, Далла гІуллакх делаш.
Выбор основного перевода