Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Ма исбаьхьа ву хьо, сан везарг, ма безаме ву! Соьналлех бина бу вайн мотт. Вайн цІийнан бІогІамаш хилла лаьтта баганан дитташ, вайн чуьра тхевнаш зоьзан диттех дина ду. Ерриг а хаза ю хьо, сан хьомениг, цхьа а сакхт дац хьуна тІехь! Сайн Везачу Элах йоккхаеш хир ю со, сан са хир ду сайн Делах доккхадеш. Цо кІелхьардаккхаран бедарш юьйхина суна тІе, Цо нийсонан оба суна тІе хьулйина, зудаялочо динан дайн чалба коьрта тІе тиллича санна а, нускало жовхІаршца ша хазъян санна а. Жимачу стага йоІстаг ма-яллора, хьан кІенташа хьан дола дийр ду. Зудаялош верг шен нускалх воккхавеш ма-хиллара, иштта хьан Дела а хьох воккхавеш хир ву.
Выбор основного перевода