Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Ткъа зудчуьнга Везачу Дала элира: «Хьо доьзалхочух йолуш лазарш чІагІдийр ду хьан, лазаршца доьзалхо а хир ву хьан. ТІаккха майрачуьнга сатуьйсуш хир ю хьо, ткъа иза хьуна тІехь олалла деш хир ву». ЛадогІалахь, йоІ, схьахьажалахь, хьайн лерг а схьадерзаделахь, хьайн халкъ а дицделахь, хьайн ден цІа а дицделахь. Паччахьна хьан хазалла езалур ю. Иза хьан олахо волу дела, хьо Цунна хьалха охьатаІалахь. Сан везарг сан ву, ткъа со цуьнан ю. Цо шен жа петІаматаш юккъехь дажадо. Со сайн везарган ю, ткъа иза сан ву. Иза петІаматаш юкъахь жа дажош ву.
Выбор основного перевода