Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
КІа хьокхучу хенахь арахула вогІучу Раабанна дудаъ цІе йолу орамаш карийра. Цо уьш шен нанна Леина схьадеара. Рахьала элира Леига: «Хьан кІанта деана дудаъ-орамаш лохьа суна жимма». «Ахь майра а ваьккхина соьгара, – элира Леас, – хІинца сан кІанта деана дудаъ-орамаш а деза хьуна?» Амма Рахьала жоп делира: «Нагахь хьайн кІанта деана орамаш ахь суна лахь, тховссехь Якъубца дІайижа мегар ду хьуна», – аьлла. Сарахь Якъуб арара цІа вогІуш, Леа цунна дуьхьал елира. «Тховса хьо соьца дІавуьжур ву, – элира цо. – Ас сайн кІентан дудаъ-орамаш делла хьох». Цу буса Якъуб Леица дІавижира. Шарахь а сов даъал хир ду шун ялта, керла ялта чуэцча, шираниг дІакхуссур ду аша. Хьуьнан дитташ юкъахь Іожан дитт санна, кхиъначу кІенташна юкъахь ву сан везарг. Цу Іожан ІиндагІехь хиъна Іаш хазахета суна, цуьнан стоьмаш сов мерза ду ас дууш. Хьох долу патарш нарийн беш ю, чохь тоьлла стоьмаш болу, йиппар а, деза нард-даьтта а ду. Къилбаседера гІатта, мох, къилбера схьахьакха, сан беша тІе берза, тІаккха цуьнан хаза хьожанаш схьахецалур ю. Шен беша вогІийла сан везарг, цуьнан мерза стоьмаш буийла цо. ТІаккха Іийсас элира: «Цундела хІора Стигалийн Олаллехь мурд хилла схьавеана волу Іелам стаг цхьана хІусамдех тера ву, дІайиллинчуьра схьа а оьцуш, тиша а, цІена а хІуманаш дІалуш волчу».
Выбор основного перевода