Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Эмархойн ерриге а гІаланаш схьа а яьхна, царна чохь баха хевшира исраилхой. Хьешбон-гІала а, цунах йозуш йолу кегийра гІаланаш а ехира цара схьа. Хьешбон эмархойн паччахьан Сихьонан гІала яра. Муабахойн хьалха хиллачу паччахьца тІом а бина, Арнонна тІекхаччалц цуьнгара мохк схьабаьккхинера Сихьона. Цундела боху илланчаша: «Хьешбон-гІала гІо, то а йина, чІагІйойла Сихьонан гІала! Сихьонан гІалара Хьешбонера схьаяьлла цІе массанхьахула а чекхъелира. Цо ягийра Муабин Іар-гІала, Арнон-хина тІехулара гунаш а дагийра. Къа ду хьан, Муаби-мохк! Камош-цІун халкъ, хІаллакьхили хьо! Цо шен кІентех дІасабевддарш хилийти, йоІарий эмархойн паччахьо Сихьона йийсаре биги. Амма оха хІаллакбина эмархой, Хьешбона тІера Дибонна тІекхаччалц церан гІаланаш йохийна, Мейдеба-гІали уллохь йолчу Напухь олучу меттигна тІекхаччалц бассийна церан мохк». Хьан ворта Даудан бІов санна ю, исбаьхьа йина йолу. Эзар турс ду цунна тІехь кхозуш, уьш дерриш а тІемалойн ду. Хьан ши накха акхачу газанан шала йинчу шина кІорнех тера бу. ПетІаматаш юкъахь ежаш ю уьш. Хьешбон-гІалин пенийн ІиндагІехь бевдда боьлхурш гІо доцуш лаьтта, хІунда аьлча Хьешбонера цІе елира, ткъа Сихьон-паччахьан гІалара алу марсаяьккхира. Цу цІеро муабахойн бІаьштигаш ягайо, оцу гІовгІа ечеран туьтанех цІе летира.
Выбор основного перевода