Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Берриг Исраил-махкахула чекхбовлуш, хаза йоІ лийхира цара паччахьна. ТІаккха АбишагІ цІе йолу шунамхо а карийна, иза паччахьна тІе ялийра цара. ЭлишаІа шен ялхо волчу ГІайхьазига элира: «Схьакхайкхахьа оцу шунамхочуьнга». Ялхочо иза схьакхайкхира. Шунамхо, схьа а еана, цунна хьалха дІахІоьттира. Иблисо деш долчу вонашна дуьхьалхІитта шайн ницкъ хилийтархьама, Делан дерриге а герзаца кечлой хила. Уьш гича, Якъуба элира: «ХІара Делан тоба ю!» Цо и маликаш гинчу меттиган цІе Махьанайм тиллира (иза «ши тоба» бохург ду). АхІаронан йишас, Делера болу хаам бечу Марема, шен жима вота схьаийцира. Цунна тІаьххье, жима вотанаш схьа а эцна, баккхийберца, халхаршца арабевлира берриг а кхиболу зударий. Марема царна эшар лекхира: «Хастам бе Везачу Элана, Цо динарг сийлахь ду. Дин а, бере а хІорда чу кхоьссина Цо». ТІаккха тидам бе! Зудабераш халхарш дан арадевлча, кемсийн бошмашкара ара а довлий, хІораммо а шайна, катохий, шилунхойн йоІ схьа а эций, бен-яманхойн лаьтта юхадерза.
Выбор основного перевода