Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
ХІинца ахьа, хьайн ялхой а бахийтий, дерриг а Исраилан халкъ а, Изабала дола деш волу БаІал-делан виъ бІе шовзткъе итт пайхамар а, Ашера-делан виъ бІе пайхамар а схьагулвайта Кармал-лома тІе суна хьалха». Ахьаб-паччахьо массо исраилхой а, и харцделанийн пайхамарш а схьагулбайтира Кармал-лам тІе. ЧІогІа заза доккхуш хуьлийла и аре, йоккха а еш, самукъане иза кхойкхийла. Ливанунан сийлалла цунна дІалур ду, Кармал-ломан а, Шарон-аренан а исбаьхьалла цунна лур ю. Везачу Элан сийлалла гуш хир ю, вайн Делан исбаьхьалла гур ю. Шадерг Цуьнан когашка а диллина, Иза Дала динан ерриге а тобанна веллера, массо а хІуманна тІехь коьртаниг хилийта. Іийсах тешачийн ерриге а тоба – Дала леррина Къобалвинчун дегІ ду. И тоба Цунах кхоччуш юзуш ю. Ткъа Дала леррина Къобалвинчо массо а хІума массанхьа а Шеца дузадо. Ткъа вай серлонан кІентий долу дела, Делах тешарх а, вовшийн дезарх а гІагІ а дина, Дала леррина Къобалвинчо вай кІелхьардахаре сатуьйсуш хиларх гІем а йина, кхетамехь хила деза.
Выбор основного перевода