Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Лаьтта тІехь зезагаш а гучудевлла. Олхазарша эшарш лоькху хан тІееана, къоркхокхийн аз ду вайн махкахь хезаш. Инжиран дитто шен стоьмаш а марздо, заза даьккхинчу кемсийн таьлланго хьожа а гІиттайо. ХьалагІатта, сан хьомениг, сан исбаьхьаниг, араяла. Схьалеца тхуна цхьогалан кІорнеш, кемсийн бошмаш талхош долу! Заза даьккхина йолу кемсийн бошмаш талхош долу цхьогалш схьалеца тхуна!» БІарийн беша чувоьссира со тогІи чуьра соьналле бІаьрг тоха, кемсийн таьлланг хецаеллий а, нараша заза даьккхиний а хьажа. Берриге а ницкъийн Везачу Элан кемсийн беш – иза Исраилан халкъ ду, ЯхІудан халкъан адамаш Цунна хазахетта йолу таьллангаш ю. Иза нийсо хиларе хьийжира, амма ницкъ бар хилира, бакъдолчуьнга хьийжира, амма бакъонаш йохор хилира.
Выбор основного перевода