Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Леас элира: «Со ирс долуш ю! ХІинца массо а зударша со ирс долуш ю эр ду!» Цу кІентан цІе Ашар тиллира цо (иза «ирс» бохург ду). Тир яьккхина духар тІехь а долуш, иза паччахьна хьалха юьгу. Нускална юххебовлу йоІарий а цунна тІе балабо. Самукъадаларца а, баккхийберца а паччахьан цІа чу бовлу уьш. qac Цqac*уьнан майрачо иштта олу: «Дукха бу дика а, оьзда а зударий, амма хьоьга кхочуш царах цхьа а яц». Коканан коьллаш юкъахь петІамат санна, мехкаршна юкъахь ду сан деган зезаг. Ломан чІожана чохь болу сан кхокха, тархашна юкъахь хьулъелла йолу хьо, гайтахьа суна хьайн юьхь, хьайн аз хазийтахьа суна, хІунда аьлча хаза ду хьан аз, юьхь а ю хьан исбаьхьа. Со йижина ю, амма сан дог сема ду. Сан везарган аз ду хезаш, цо неІ етта: «ДІаелла суна неІ, сан йиша, сан хьомениг, сан къоркхокха, сан дашониг! Сан коьрта тІехь тхи ду, сан месаш тІехь буьйсанан тІуналла ю». Хьан везарг кхечарал хІун гІолехь ву, зударшна юкъахь исбаьхьаниг? Ахь оццул тхоьга дехар дал, кхечарал хІун гІолехь ву хьан везар? Сан везарг лепаш а, могуш а ву, иза итт эзар кхечарал гІолехь а ву. Ткъа Делах дІауьйш волчун Цуьнца цхьаьна долу цхьа са а хуьлу. Цхьа Веза Эла а, цхьа тешар а, цхьаъ долу хих чекхдахар а ду. Даггара болчу безамца лелалаш, вай деза а делла, вайн дуьхьа Шен са хаза хьожа йогІучу сагІина а, Далла тамехь долчу гІурбанна а дІаделла волу Дала леррина Къобалвинарг санна. Цо иза дина, Делан дашехула динан ерриге а тоба, хи чохь цІан а йина, иза язъярхьама а,
Выбор основного перевода