Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Хьуна хІунда ца хаьа и меттиг, зударшна юкъахь уггар исбаьхьаниг? УьстагІийн лорах дІа а гІой, жаІуйн четарш уллохь хьайн буьхьигаш яжае. ПирІунан южучу кхелашна юкъахь уггар исбаьхьачуьнца хьо юсту ас, сан хьомениг. Бус-буса сайн меттахь а Іуьллуш, сайн дагна везначух а хьоьгуш, сайн хьомечух со мел хьоьгура, амма цкъа а иза кара ца вора. Хьала а гІаьттина, гІалин урамашкахула а, майданашкахула а дІагІур ю со. Сайн дагна везнарг лоьхур ву ас. Ас лийхира иза, амма суна иза ца карийра. Сайн везаргана неІ дІайиллира ас, амма иза, юха а вирзина, дІавахара. Сан са малделира, иза дІавахарна. Ас лийхира иза, амма суна иза ца карийра. Со кхайкхира цуьнга, амма иза дуьхьал вист ца хилира. ГІалина гобоккхуш болчу гІаролхоша, дуьхьалкхетча, йиттира суна, лазийра со. ГІалин пенаш лардечара тІекхоьллина хІума схьаяьккхира суна тІера. Ярушалайман мехкарий, хІун эр ду аша, нагахь сан везарг шайна гахь? Ас чІагІо йойту шуьга, нагахь сан везарг шайна гахь, алийша цуьнга, со безамо гІелйина алий.
Выбор основного перевода