Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Ма исбаьхьа ду хьо, сан деган зезаг, ма исбаьхьа ду! Кирхьанна кІелара хьан бІаьргаш, кхокхарчий санна, эсала бу. ГалІад-лома тІера чуйогІучу гезарех тера ю хьан месаш. Лийчийначуьра догІучу лергинчу жерчех тера ю хьан цергаш. Цу жерчийн хІораннан а шен шаланиг бу, цхьа а байна бац царна юкъахь. ЦІен аса санна ду хьан балдаш, ма хаза ю ерриг а хьан бат. Кирхьанна тІехьа хьан беснеш наран аьхгаш санна хаза ю.
Выбор основного перевода