Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Хьуна хІунда ца хаьа и меттиг, зударшна юкъахь уггар исбаьхьаниг? УьстагІийн лорах дІа а гІой, жаІуйн четарш уллохь хьайн буьхьигаш яжае. Со Шарон-аренара акха зезаг ду, тогІи чуьра петІамат-зезаг ду. Къилбаседера гІатта, мох, къилбера схьахьакха, сан беша тІе берза, тІаккха цуьнан хаза хьожанаш схьахецалур ю. Шен беша вогІийла сан везарг, цуьнан мерза стоьмаш буийла цо. Сайн беша веара со, сан йиша, сан нускал. Сайн хазачу хьожанашца сайн деза даьтта гулдира ас, сайн мазаца долу сайн алхаш диира ас, сайн шуьраца сайн чагІар мелира ас. Яалаш, доттагІий, малалаш, дуззалц малалаш, безам баханарш! Хьан везарг кхечарал хІун гІолехь ву, зударшна юкъахь исбаьхьаниг? Ахь оццул тхоьга дехар дал, кхечарал хІун гІолехь ву хьан везар? Цуьнан беснеш бецийн хаьснаш ду, хаза хьожа йолчу ораматийн хас ду. Цуьнан балдаш петІаматаш ду, шайх деза даьтта схьадолуш долу.
Выбор основного перевода