Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
ЯрбаІаман зуда, хьала а гІаьттина, Тирца-гІала юхайирзира. Цо шен цІа чу ког боккхушехь, цуьнан кІант велира. И дерриг а шена хезча, БаІша-паччахь, Рама-гІаланах чІагІонан гІап яр саца а дина, Тирца-гІалахь ваха охьахиира. БаІша, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Тирца-гІалахь дІавоьллира. БаІшин метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Эли. ЯхІудхойн Аса-паччахьо олалла ден ткъе йолхалгІа шо долуш, исраилхойн паччахь дІахІоьттира БаІшин кІант Эли. Тирца-гІалахь Іаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. Іумарис Шамран лам ийцира Шамрера, ши гали дато ахча а делла. Оцу гу тІехь гІала йира Іумарис. Цунах Шамран-гІала элира цо, и лам долахь хиллачу Шамрин цІарах. Цуьнан гІепашкахь волчу Дала нах ларбийриг Ша хилар гайтина. Хазаллехь кхоччуш болчу Цийон-лома тІера Дела Шен нуьраца серлавуьйлу. Ма исбаьхьа ву хьо, сан везарг, ма безаме ву! Соьналлех бина бу вайн мотт. Мила ю иза, цІийялар санна, лепаш ерг, бутт санна, исбаьхьа ерг, малх санна, къегина ерг, байракхашца долу эскар санна, инзаре ерг? qac Пqac*е а бетташ, гІалина уллохула мел лелачу наха хІинца куьйгаш шайн вовшах ма детта. Кортош а лестош, цара шакарш етта. Ярушалаймах лаьцна цара иштта хоьтту: «Шех хазаллин кхачамалла ду аьлла йолу гІала хІара ю те? Шех хазахетаран бохь бу аьлла гІала хІара ю те?» Хьан цІеяхана хилар дерриг а къаьмнашна юкъахь даьржира, хьо хаза йолу дела. Хьо чІогІа хаза яра, Ас Сайн сийлаллица хьо хазйина хилар бахьана долуш“. Иштта боху Хьалдолчу Эло. Тхайн тІемашкахь оха леладо герзаш кху дуьнен чуьра герзаш дац. Мелхо а, Дала цу герзашна Шен ницкъ белла, цаьргахула тхоьга гІепаш хІаллакьяйтархьама. Мекара ойланаш а, Ткъа тІаьххьара а бохург хІара ду: чІагІло Везачу Элаца а, Цуьнан боккхачу ницкъаца а.
Выбор основного перевода