Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Билггал хаа ду хьуна, тахана Аса хьо дІахІоттий халкъашка а, пачхьалкхашка а Сан цІарах вистхила. Ахьа дІахьедийр ду, уьш орамашца бухдаьхна а, дохийна а хир ду аьлла, уьш хІаллакдина а, дІадаьхна а хир ду аьлла, уьш юхаметтахІиттийна а, юхадоьгІна а хир ду аьлла». Везачу Эло соьга элира: «Соьгара хаам а беш, дІаала оцу даьІахкашка: „Екъа даьІахкаш! ЛадогІа Везачу Элан даше!“ ТІаккха Цо соьга элира: «Адаман кІант, Соьгара болу хаам а беш, дІаала сине: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ва са, массо а маьІІера хьайн Іаь тохий, хІокху хІаллакбиначарна чу са даийта, тІаккха уьш денлур бу’“». ТІаккха туркхо зевне мохь туьйхира: «Хаам бо шуьга, массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болу нах! Олалла а, сийлалла а, паччахьалла а делира цунна. Массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу наха цунна Іибадат дира. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан пачхьалкх цкъа а юхур яц». Йохалла юстархьама Іасанах тера болу эрз белира сан кара. ТІаккха соьга элира: «Хьала а гІаттий, Делан цІа а дуста, сагІа доккху кхерч а буста, цу цІа чуьра Далла Іамал ян догІу адамаш а дагарде.
Выбор основного перевода