Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ибрам декъал а веш, цо элира: «Ибрам! Стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Дала декъалвойла хьо. Амма Ибрама Седаман паччахьна жоп делира: «Везачу Элана, стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Далла хьалха дІакховдийначу куьйгаца чІагІо йо ас, Айса ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а дІалур ду аьлла, куьг а айина чІагІо йинчу лаьтта тІе шу дІадуьгур ду Ас, иза шуна тІаьхьалонна дІа а лур ду. Со Веза Эла ву“». Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигалш а, латта а, хІорд а, дерриг а царна чохь дерг а. ВорхІалгІачу дийнахь Цо садаьІна. Цундела шоьтан де, декъал а дина, Шен дуьхьа дІакъастийна Везачу Эло. Сайн куьг стигалшка хьала а айина, абаденналц долчу Сайн дахарх чІагІо йо Ас: Хьо – Веза Эла ву! Хьо бен, цхьа а вац! Ахьа стигалш а, царна чохь мел долу седарчий а кхоьллина! Уггар лекха стигалш а, царна чохь мел болу ницкъаш а кхоьллина Ахь! Ахьа латта а, цу лаьтта тІехь мел долу хІума а кхоьллина! Ахьа хІордаш а, цу чохь мел долу хІума а кхоьллина. Массо а хІуманна дахар а делла. Стигалара ницкъаш а Хьуна Іибадат деш ду! Цу Дала кхоьллина стигал а, латта а, хІорд а, царна чохь мел дерг а. Цо гуттар а ларбо тешам,
Выбор основного перевода